Нохчийн меттан дезчу денна лерина
 
«Тахана вайн махкахь даздеш ду Нохчийн меттан деза Де!  Нохчийн меттан лерина де хилар – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Рамзан Ахматович Кадыровс нохчийн къоман дина доккха совг1ат ду.

Ас даггара декъалво х1окху дезчу денца лараме Ахьмат-Хьаьжин Рамзан, нохчийн дерриге къам а!

Вайн къоман мотт - доккха дозалла ду, и бийцар, и 1амор, и ларбар вайн доккха декхар ду. Цундела билгалдаьккхина ду вайн махкахь х1ара деза Де.  Мотт – къоман йоккха г1ортор ю.  Дуьненчохь дуккха меттанаш ду, амма уггаре мерзаниг, хазаниг вайна вайн мотт бу, цуьнан сийдеш верг и къонах ву.

Къонахчо дош делла мотт а, цхьана дашо дов дерзийна мотт а, хаза г1иллакх 1амийна мотт а - бу вай нохчийн мотт.

Дала ирсе, беркате дахар лойла вайна! Дала т1аьхье беркате йойла!»

Ларамца,     Нохчийн  Республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министр     Р. Р. Шаптукаев